ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу "ВКонтакте" машано хаамаш дIабелла полисхошка


"ВКонтакте" социалан маша.
"ВКонтакте" социалан маша.

Суьдо бина сацам а боцуш, бехктакхаман гIуллакх толлуш хиларан тоьшаллаш а доцуш, экстремизмца къийсам латторан центрерчу (Центр "Э") полисхошка ВКонтакте" Оьрсийчуьрчу социалан машано дIабелла шен агIонех пайда оьцучу нахах лаьцна хаамаш.

Оппозиционеро Волков Леонида арахецна Башкортостанерчу полицино "ВКонтакте" машанах пайда оьцучу кхаа стагах а, Навальный Алексейн Уфахь болчу агIончашца йоьзначу шина тобанах а лаьцна информаци йоьхуш дахьийтинчу кехатийн даьхна сурташ.

Полицина хаа лууш хилла и агIонаш маца кхоьллина а, уьш кхоьллинчу нехан телефонийн номерш а,e-mail-ш а, IP-адресаш а.

Кху шарахь Дечкен-баттахь дахьийтинчу цу хаттаршна "ВКонтакте"-ра жоьпаш кхаьчна полисхошка, ши де а далале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG