ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Темерхановх шена хетарг аьлла Кадыровс


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а юха а дIахьедар дина, Темерханов Юсупа ша леш а даре дина цахилар, халкъан эсехь бекхамхо санна висар Iалашонца, ша Буданов Юрий вийна хилар, аьлла.

"Темерхановс таллам дIабоьдуш а, суьдехь а, адвокаташца къамелаш деш а, гергарчаьрца, шайна юкъахь нана а, ваша а волуш, цхьаьнакхетча а цкъа а ца аьлла ша Буданов валарх хьакхавелла хиларх лаьцна",- аьаьла Кадыровс, яздо "Интерфаксо".

"Цо (Будановс) шена тIе цкъа а цIанлур воцу эхь даийтина, лачкъа а йина, хьийза а йина, дешархо Кунгаева Эльза вуно къиза ерна. Амма Темерхановх, Кунгаеван чIир эцначу стагах санна, турпалхо ван гIертар бух боцуш ду", - боху Кадыровс.

Темерхановсх турпалхо ван гIертарна дуьхьал къамел дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо кху беттан 14-чу дийнахь Соьлж-ГIаларчу телеканалан эфирехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG