ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министро Умаровс емалбина махкал арахьа беха "оппозицин векалш"


Умаров Джамбулат(аьрро) ву Кадыров Рамзанца.
Умаров Джамбулат(аьрро) ву Кадыров Рамзанца.

Нохчийчуьрчу къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата кхайкхам бина махкал арахьа бехачу "нохчийн халкъ кегаре кхойкхучу оппозицин ницкъийн векалшка", хаам бо "Грозный информ" сайто.

Цунахлаьцна хаам бу Умаровс куьйгалла дечу министраллан инстаграмерчу агIона тIехь.

Умаровс емалбина интернетехь (рунетехь) "нохчийн халкъ тIаме а, барт бохоре а кхуьйкхуш болу цхьаболу нах". "Мича кхача гIерта и нах, хIунда бу уьш кийча оццул атта "шайн" халкъан херамазалла дIаяла кийча", - бохуш эргIадвуьйлу министр.

"…Тешна дуй шу, халкъана, Iасанаш Iуьттуш кеманаш чудаийта гIиртинчу сепаратисташа аьллачунна тIаьхьа а хIоттина, цхьана хенахь ша дина ирча гIалат юха а дан лаьа бохучух? -хоьтту министро цIершца буьйцуш боцчу нахе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG