ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан векаллина герз диттина Хонкарахь


Iамеркан Туркойчуьра векалалла, Хонкара.
Iамеркан Туркойчуьра векалалла, Хонкара.

Бевзаш боцчу наха оршотан дийнахь Хонкарахь герз диттина Iамеркан Туркойчуьрчу векалаллина. Полицино бинчу хаамца, вийна-лазийна стагга а вац.

Герз диттина векалаллина уллех йолучу машенчуьра. Масийтта дендарг кхетта хехойн буткина. ТIелетар динарш къайлабевлла.

Векалалла кху деношкахь болх беш яц, ГIурба деш бусулба дезаденош хиларна.

И инцидент хилла Iамеркан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш цIеххьана телхина йогIуш а йолуш. Вашингтоно дIахецар доьху туркоша, махкахь карчам бан гIортарца уьйраш йолуш ву аьлла, лаьцна набахтехь латтош волу шайн пастор Брансон Эндрю.

Анкара реза яц иза дан. Iамерко ,Туркойчуьрчу товарех ял яккхар алсам а даьккхина, санкцеш кхайкхийна туркойн цхьамогIа Iедалхошна. Туркойчоьно ял тIетоьхна Iамеркан товараш чудохьуш йоккхуш йолу.

Вашингтонна а, Хонкарна а юкъахь кризис эккхарна дайделла туркойн ахча лира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG