ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицехь карийна Соьлж-ГIалахь вайна ши шича


Серноводск.
Серноводск.

Соьлж-ГIалахь вайна ши шича 29 шо долу Масаров Расул а, 26 шо долу Масаров Iадлан а схьакарийна, хаам бо Vayfond цIе йолчу Нохчийчуьрчу гIо-накъосталлан а, бакъонашларъярхойн а цхьаьнакхетаралло.

"И шиъ Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштан РОВД-хь хилла. Тхан хьастанаша бинчу хаамца, гергарнаш 2-3-зза чекхбелла хилла массо а (полицин) дакъошкахула. Амма массанхьа а олуш хилла МасаровгIара шайгахь бац, оццу Заводан кIоштарчу РОВД-хь цхьана", - Vayfond инстаграмерчу агонехь яздина.

Болчу хаамца, карарчу хенахь ши шича дехьаваьккхина цу шинан прописка йолчу Серноводскерчу полицин декъе.

Масаров Расул а, Масаров Iадлан а лоьхуш вара гергарчара кху беттан 12-чу динахь дуьйна. Синтем байначу гергарчара ши жима стаг схьалохуш гIо дехнера полице.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG