ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьхь роуминг дIайоккхур ю гергарчу 11 дийнахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчуьрчу мобилан зIенан операторша - «Мегафоно» а, «Вымпелкомо» а, МТС-о а, Tele2 а - роуминг дIайоккхур ю Гезгмашин-беттан 1-ра де тIекхачале, хаам бо ТАСС агенталло.

«Вымпелкомо» роуминг дIаяккха йолор ю тахана дуьйна, МТС-а иза дIайоккхур ю кху беттан 30-чохь, ткъа «Мегафоно» - Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь. Tele2 мобилан операторан векалша хаам бина шаьш и болх дIаберзор бу кху беттан 31-чу дийнахь аьлла.

Кху шарахь Товбеца-беттан 10-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Госдуман депутаташа тIеийцира Оьрсийчохь роуминг дIаяккхарх лаьцначу низаман проект

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG