Iамерко тIе ца эцна, Iамеркан пастор Брансон Эндрю дIахецарна дуьхьал туркойн пачхьалкхан Halkbank (Халкбанк) банкана ГIажарийчоьнна кхайкхийна санкцийн раж йохорна миллиардашкахь тоьхна гIуда дIадаккха аьлла, Туркойчоьно кховдийнарг.
"Дерриг а хаттарш къасто мегар ду, Брансон маьрша ваьллачул тIаьхьа", - дIахьедар дина The Wall Street Journal-е Iамеркан администрацин лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочо.
"Цхьа а бехк боцу стаг дIахецарна цхьа а ахча лур дац оха, амма Тукройчоьнца йолу юкъаметтигаш дIахедор ю", - яздина Iамеркан президенто Трапм Доналда твиттерехь.
амеркан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш галйовларна цIеххьана дайделла туркойн лира.