Нохчийчохь тIелетарш динчу нехан Iалашо яра "дезаде кхоло, юкъараллехь даккхийн хабарш дийцита, Нохчийчуьрчу бахархошна ГIурба дарца йоьзна мероприятеш дIаяхьа новкъарло ян", тешна ву республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан, хаам бо "Чечня сегодня" агенталло.
Полицин белхахой сема хиларна и нах цу Iалашоне ца кхаьчна аьлла, хета Кадыровна. Цуьнан версица а догIуш, цхьана стага ша эккхийтина, амма иза, дийна а висина, дIакхачийна ву дарбанан хIусаме. Шелахь лазийна ву ши полисхо, Соьлж-ГIалахь а лазийна некъан полицин белхахой.
Кегийрхой галбаьхнарш "иблсовцаш" бу, амма хиллачо гойту республикехь царна гIортор йоций, боху Кадыровс.
Соьлж-ГIалахь а, Нохчийчохь а хьал маьрша ду, чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
РИА Новости агенталло бинчу хаамца, Соьлж-ГIалахь герз диттина вийна полисхо. Цул сов Соьлж-ГIалахь тIе машен тоьхна лазийна некъан полисхо. Машенлелорхо вийна герз диттина.
Шелахь вийна ши стаг. Цу шимма, полицин ши белхахо а лазош, арсашца тIелатар дина Шеларчу полицин декъана.
Мескер-Юртахь вевзаш воцу стаг иккхина полицин постана уллехь. Иза велла. Кхин вийна-ваьккхина стаг вац.
Цу кепара цкъачунна болчу хаамашца, вийна лаххара а тIелатар дина 4 стаг. Полисхошна юкъахь 1 стаг вийна, лаххара а 3 лазийна.
"Исламан пачхьалкх" тобано шена тIелаьцна Нохчийчохь оршотан дийнахь дина тIелатарш, хаам бина France Presse агенталло, цу тобанан агIончаш дечу дIахьедаршна мониторинг ечу SITE хьастана тIе а тевжаш.