Низамаш лардечу органашна хиъна Нохчийчохь тIелетарш вовшатоьхнарг мила ву, хаам бо Dailystorm.ru сайто. Иза хилла 18 шо долу Мусаев Мохьмад. 2016-чу шарахь иза лаьцна хилла Дацаев Iимрана куьйгалла дечу "Исламан пачхьалкх" тобанан декъан кхин болу декъашхошца цхьаьна.
Daily Storm-о чагIдарехь, цу хенахь Мусаев дIахецна хилла, жима ву аьлла жоьпе ца озош. Цу хенахь цуьнан хилла 16 шо.
Нохчийчохь Марсхьокху-беттан 20-чохь дерриг а 4 тIелатар динарш Шелан кIоштара бу. Iуьйранна 10 сахьт долуш шина жимачу стага тIелатар дина Шеларчу №134 йолчу полицин КПП-на. Уьрсах чевнаш хилла Нохчийчуьрчу полисхочунна а, кхечу регионера командировке веанчу полисхочунна а.
Мескер-Эвлахь ша эккхийта гIоьртина кхин цхьа жима стаг. Цунна герз тоьхна. Чов хилла иза дIавигина дарбанан хIусаме.
Соьлж-ГIалахь 17 шо долчу Шеларчу вахархочо ширачу «Мерседес» тIехь, некъан полицин постана уллу а вахана, бомба кхоьссина. Иза ца иккхина. Полисхойх ведда машен хаьхкина воьдучу цо полисхочунна тIетоьхна иза.
Жимма тIаьхьо кхечу кегийрхоша герзаш диттина полисхошна Соьлж-ГIаларчу кхечу меттигехь. Уьш а байина, яздо Daily Storm-о.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?