ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

lenta.ru: Нохчийчохь полицина тIелатар динарш бераш хилла


Соьлж-ГIала, 20Марс2018
Соьлж-ГIала, 20Марс2018

Нохчийчохь полисхошна тIелатар динарш кхиазхой хилла, хаам бо ТАСС агенталло, республикан зорбанан министро Умаров Джамбулата дуьйцучунна тIе а тевжаш, яздо lenta.ru зорбанан гIирсо.

"Некъан патрулан гIуллакхан белхахошна тIе машен тоьхначуьнан 17 шо хилла, уггаре жимачу зуламхочуьнан, болчу хаамашца, 11 шо хилла", - дийцина Умаровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан пресс-секретаро Каримов Iаьлвис «Коммерсантъ FM» радион эфирехь хаам бина, Шелан кIоштахь полисхошна тIелатар дина берриг а "тIемалой", цхьана тобанера хилла аьлла.

"Цара, арсаш а детташ, чевнаш йина полицин шина белхахочунна, полисхойн дахарна кхерам болуш хIума дац. Кхин цхьа стаг гIоьртина ша эккхийта – зуламхо дийна висина, иза дарбанан хIусаме дIакхачийна. Ткъа кхин шиъ гIоьртина машен эккхийта, амма церан газан балонаш ца лилхина. И шиъ гIалахула машен хаьхкина воьдуш хилла, машен ца сацийна, уьш дIабаьхна", - дийцина Каримовс хилларг.

Цо тIетоьхна, тIелатар динчу тобано иза дина хила мега, махкал арахьара тIехьажорца, аьлла. И махкал арахьа омраш луш верг мила ву дуьйцуш дац.

Нохчийчохь цхьмогIа тIелатарш дина хиларх лаьцна хиъна Марсхьокху-беттан 20-чохь. ТIаьхьо республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь хаам бира, Нохчийчуьра хьал хьалха санна паргIат ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG