ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочунна тIе машен тоьхнарг сацо гIоьртинчунна керла машен елла Кадыровс


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана керла машен елла, Соьлж-ГIалахь полицин белхахочунна тIе машен тоьхнарг сацо гIерташ, шен машен кIел тесначу стагана, хаам бо РИА Новости агенталло. Иза ву Гелдаганара вахархо Эстамиров Турпал-Iела. Цунна дIакхачийна керлачу Hyundai Solaris цIе йолчу машенан догIанаш.

Эстамировс дийцарехь, иза Гелдаганара Соьлж-ГIала воьдуш хилла. ТIехьа хуьлург гойтучу куьзганчохь гина цунна чехка йогIучу машено полисхо тоьхна вожош. Иза сацо дагахь шен машен кIелтесна таккха Эстемировс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG