Iедалшка къайлах хаамаш бечу (мотт тухучу) нахана лур долчу ахчанан барам билгалбоккхуш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан буьйра тIечIагIдина юстицин министралло. Цунах лаьцна яздо "Коммерсантъ" газето. И документ официалан кепара арахецна дац цкъачунна.
Цу буьйранца а догIуш, зуламхо лохуш низамаш лардон органашна гIо дарна дала лерина ду 50 эзар соьманна тIера 10 миллион соьме кхччалц ахча.
Айкхваьллачунна 3 миллион соьмал сов ахча даларх лаьцна сацам бийр бу чоьхьарчу гIуллакхийн министро. Оьшучу хаамех лаьцна, мах билгал а боккхуш, яздийр ду МВД-н сайта тIехь а, зорбанан гIирсашкахь а.
Хьалха айкхваьллачунна ахчанца совгIат деш дацара Оьрсийчохь. Зуламхо лаца гIо динчу нахана лора МВД-н мидалш а, деза совгIаташ а, штатехь воцчу полицин (милицин) белхахочуьнан кехат а.