ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мескер-Эвлахь чевнаш хилла жима стаг велла


Гайтаман сурт. Маршо Радион архив.

Мескер-Эвлахь некъан полицин постана уллехь ша эккхийта гIоьртина жима стаг велла Соьлж-ГIаларчу дарбанан хIусамехь, хаам бо ТАСС агенталло.

Iедалхоша чIагIдарехь, цу жимачу стагана вуно еза чевнаш хиллера полисхошна тIелатар дан гIоьртича. ТАСС-о билгалдаккхарехь, иза цхьаъ бен вацара Марсхьокху-беттан 20-хь хиллачуьнца доьзна чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тIемалой бу аьлла цIе тоьхначу 5 кхиазхочух дийна виснарг. Цу агенталло чIагIдарехь, цуьнан вашас тIелатар дина Шеларчу РОВД-на.

Социалан машанашкахь яздо кхин а ши кхиазхо, цхьанна 11 шо а бен доцуш, вийна хиларх лаьцна полисхоша, машенна хьалха хиъна хилла 17 шо долу жима стаг ша нехан машен йохийча, кхера а велла, вада гIоьртинчул тIаьхьа. Амма чоьхьарчу гIуллакхийн министралло и шиъ тIемалойн могIаршка язвина.

Нохчийчуьрчу Iедалхоша чIагIадарехь, Соьлж-ГIалахь а, Шелан кIоштахь тIелатарш даран Iалашо хилла, ГIурбан де тIекхочуш махкара хьал чолхе даккха.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG