ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемало хиллачу Батаев Русланна суд йийр ю Нохчийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийн Республикан Лаккхарчу Кхелехь кхел йир ю 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскаран декъана тIелатар дарна бехке вечу Батаев Русланна. Цунах лаьцна хаам бо Sm-news.ru сайто. Батаевн бехктакхаман гIуллакх толлуш яра Къилбаседа Кавказан федералан гонан талламан комитет.

Талламхойн версица, 1999-чу шарахь Гезгмашин-баттахь «Сары-Суйн джамаIат» олучу тобанах дIахетта хилла Батаев. Цуьнан декъашхоша, Басаев Шемила а, Хаттаба а куьйгалла а деш, тIелатар дина Оьрсийчоьнан тIеман министралан декъана. Хиллачу тIамехь вийна 15 эскархо, кхин а 28 чевнаш йина а хилла.

Таллам бечу юкъана лаьцна латтош вара Батаев. Цуьнан гIуллакх, юьстахдаьккхина теллина а далийтина, дIахьажийна Нохчийн Республикан Лаккхарчу кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG