ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратова: цхьана Идлибехь хила мега маситта эзар Кавказера зуда


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхошка гIо доьхуш бу Шема баханчу зударийн Европерчу пачхьалкхашкахь беха гергаранаш. Цунах лаьцна хаам бо, ТАСС агенталло, Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочунна Саратова Хедина тIе а тевжаш. Цхьана Идлибехь хила мега маситта эзар Кавказера зударий, боху Саратовас.

Оьрсийчуьрчу омбудсмено Москалькова Татьянас дийцарехь, Иракъерчу набахташкахь йолу 100 сов зуда ю, шайна тоьхна хан Оьрсийчуьрчу набахташкахь такха лууш. Цу хьокъехь Москальковас дехар дина Иракъан Iедалшка, амма иза кхочуш дан халонаш ю, Оьрсийчоьнна а, Иракъана а юкъахь бина барт ца хиларна, чубоьхкина нах вавшашка далуш.

Хьалхо "Исламан пачхьалкх" тобано дIалаьцна латтийначу территорина тIера Шемара а, Иракъера а Оьрсийчуьра зударий а, бераш а цIадерзоран болх, ма дарра аьлча, сецна, аьлла хаам бира ББС-но, Нохчийчуьрчу бакъонашларяърхочунна Саратова Хедина тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, цкъачунна цIадерзо аьтто боцуш Иракъехь дуьсуш ду дай-наноша "Исламан пачхьлкхах" дIакхета боьлхуш Оьрсийчуьра дIадигина лаххара а 25 бер. Оьшуш долу кехаташ доллушехь БагIдадерчу набахтехь латтош ду уьш.

Иракъера а, Шемара а зударий а, бераш а цIадерзоран болх сецира 2017-чу шеран ГIура-баттахь. Тамашийна хIума ду иза хилла хилар, цу гIуллакхна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира гIортор йинчул тIаьхьа, яздора ББС-но.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG