ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кегийрхой лоьцуш бу Нохчийчохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахоша дIалуьйцуш бу кху беттан 20-чохь полисхошна тIелатар дина аьлла байинчу кхиазхойн гергара а, беза-бевза а нах.

Цунах лаьцна "Кавказский узел" зорбанан гIирсе хаам бина вийначерах цхьанна гергарчу стага, хаам бо "Эхо Москвы" радионо.

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало хаам бина "Кавказский узеле" и нах дIалецар доьзна хиларх лаьцна, республикехь дIахьош таллам хиларца. "Дерриг а дийриг низаман гурашкахь ду", - аьлла МВД-н векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG