ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зудчунна йиттинчунна бекхам бан дагахь бу бIеннаш кегийрхой


Карта, ГIалмакхойчоь.
Карта, ГIалмакхойчоь.

БIеннаш Нохчийчуьра кегирхой бу ГIалмакхойчу баха кечбелла, цигахь нохчийн зудчунна йиттинчу стагана таIзар дан, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Цхьаьнакхета меттиг санна цара билгалъяьккхина Шелковскан кIошт. Цигара дIа машенашкахь баха дагахь бу уьш.

Нохчийчуьрчу Iедалан арахьарчу гIуллакхашкахула департаментан куьйгалхочо Хаджимурадов Iийсас варе бина кегийрхой, иза дан мегар дац аьлла.

"Цигахь болх беш Iедалш ду, цара цунна таIзар а дийр ду, шун нийсо толийтарехьа йолчу дикачу ойланах пайда эца мега питана даржош, ткъа цо хьал кхин а чолхечу доккхур ду, - боху Хаджимурадовс шен видеокхайкхамехь.

Цо дийцарехь, зудчунна еттар шайн тидаме эцна талламан органаша. Болчу хаамца, ГIалмакхойчохь йиттина Нохчийчуьра яхархо Дудаева Табарик вочу хьолехь охьайиллина ю Волгоградерчу дарбанан хIусамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG