ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дудаева Табарикна йиттинарг лаьцна ГIалмакхойчохь


Лазарев Евгений лаьцна полицино.
Лазарев Евгений лаьцна полицино.

Нохчийн зудчух Дудаева Табариках иза ехачу Йоккхачу Царынехь деношкахь летта Лазарев Евгений лаьцна меттигрчу полицино. Цунах лаьцна хаам бина Маршо Радионе ГIалмакхойчуьрчу нохчийн диаспоран куьйгалхойх волчу Багаев Iелас.

Цо дийцарехь, еарин дийнахь меттигерчу нохчашца цхьаьнакхетта меттигера депутаташ а, полицин куьйгалхой а. Цара шаьш саготта ду, боху зудчунна еттарца доьзна карзахдаьлла хьал дестарна.

Хьалхо хаамаш баьржира, бIеннаш Нохчийчуьра кегийрхой бу ГIалмакхойчу баха кечбелла, цигахь нохчийн зудчунна йиттинчу стагана таIзар дан аьлла.

Нохчийчуьрчу Iедалан арахьарчу гIуллакхашкахула департаментан куьйгалхочо Хаджимурадов Iийсас варе бина кегийрхой, иза дан мегар дац аьлла.

"Цигахь болх беш Iедалш ду, цара цунна таIзар а дийр ду, шун нийсо толийтарехьа йолчу дикачу ойланах пайда эца мега питана даржош, ткъа цо хьал кхин а чолхечу доккхур ду, - боху Хаджимурадовс шен видеокхайкхамехь.

Цо дийцарехь, зудчунна еттар шайн тидаме эцна талламан органаша. Болчу хаамца, ГIалмакхойчохь йиттина Нохчийчуьра яхархо Дудаева Табарик вочу хьолехь охьайиллина ю Волгоградерчу дарбанан хIусамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG