ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новая газета: Дехка деза Кадыров Москох витар


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

"Новая газето" дIахьедина, мэро Собянин Сергейс дехка деза Кадыров Рамзан Москох витар. Бахьана ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхиазхоша полисхошна тIелатарш дина аьлла гулбинчу Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахошна хьалха къамел деш дийцинарг.

Шен вистхиларехь Кадыровс элира, бакъонашларъярхой "ямарта нах а, питанчаш а" бу, Нохчийчуь бахкар доьхкур ду ша царна, "Мемориалан" меттигерчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан кхел дIайирзинчул тIаьхьа аьлла.

Газето билгалдоккху, цу тайпачу дехкаро чIагIйийр хилар Москох бехачу нехан кхерамазалла, соцур хилар ,"массо а агIор дIаса герзаш а детташ, юкъаметтигаш къастор, коьртачу декъана дакъалоцуш Нохчийн Республикерчу ницкъаллин структурийн белхахой а болуш хуьлуш долу".

"Ткъа маьрша нохчийн халкъах тхо даиман а даккхий деш ду", - аьлла ду "Новая газето" арахецначу схьадиллинчу кехата тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG