Москох валютан биржехь долларан курс хьалаяьлла 69 соьме. Оццул деза хилла дацара Iамеркан ахча соьмаца дуьстича 2016-чу шеран Оханан-баттахь дуьйна.
Сом дайлуш ду Iамерко Оьрсийчоьнна дуьхьал юкъайохуш йолу керла санкцеш бахьана долуш.
Оьрсийчоьнан Коьртачу банко сацийна валюта эцар еарин дийнахь Марсхьокху-беттан 23-чохь дуьйна.
Еврон бах хIоьттина пIераскан дийнахь 79 сом 75 кепек.