ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхойчуьра таллам шен Iуналле эцна Кадыровс


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

ГIалмакхойчохь нохчийн зудчунна еттар хьокъехь болийна таллам шен Iуналле эцна Кадыров Рамзана, яздо Chechnyatoday.com сайто. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу зорбанан министро Умаров Джамбулата. Цо дийцарехь, Нохчийчуьра Iедал а, республикан куьйгалхочуьнан ГIалмакхойчуьра векал а Iуналла деш бу таллам барна, ткъа зуламхо лаьцна ву низамаш лардон органаша.

"Цу стагана догIуш долу таIзар дийр хиларна шеко йолуш цхьа а вац, цунна тIехьожуш Кадыров Рамзан хиларна", - боху Умаровс.

Нохчийн къомах йолчу зудчунна къиза еттаро эргIадбахийтина бу дуккха а нах. Нохчийчуьра Iедалш совцо гIерташ ду ГIалмакхойчу бекхам бан арабевлла бIеннаш кегийрхой.

«Чечня Сегодня» агенталло бинчу хаамца, ГIалмакхойчохь талламхой ладоьгуш бу лоьрийн экспертиза схьакхачаре, зудчунна тIе куьг даьхьначу стагана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьаделла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG