Нохчийчуьрчу прокуратуро теллина чекхдаьккхина Шелан кIоштарчу вахархочунна дуьхьал стаг верна кхоьллина долу бехктакхаман гIуллакх.
Республикан прокуроран когаметто Душин Максима бинчу хаамца, Бувайсар Б. цIе йолчу стага 2016-чу шарахь Марсхьокху-баттахь 5-зза тапча тоьхна вийна шен безам боцу стаг, цуьнан керта а вахана.
Цунна кхел йийр ю хIинца Шеларчу гIалан кхело.