ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло комментари йина Кадыровс бакъонашларъярхойх аьллачунна


Песков Дмитрий.
Песков Дмитрий.

Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс комментари йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана низамаш лардечу органашна новкъарло ечу бакъонашларъярхойх аьллачунна. И дешнаш цхьа дакъа хила мега, Кадыровс аьллачунна юкъара схьаэцна долу, аьлла хета цунна.

Цунах лаьцна Песковс дIахьедар дина журналисташка, хаам бо РБК-но.

Песковс дийцарехь, бакъонашларъярхой а вошах къасто беза. "Цхьаболчу бакъонашларъярхоша вуно оьшуш йолу функцеш кхочуш йон, уьш хаькъдолуш лоруш а бу", - билгалдаьккхина пачхьалкхан куьйгалхочуьнан пресс-секретаро.

Песковс ша тешна ву аьлла, Кадыровн дешнаш махкахь болчу массо а бакъонашларъярхойх хьакхалуш ца хиларх.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхиазхоша полисхошна тIелатарш дина аьлла гулбинчу Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахошна хьалха къамел деш элира, бакъонашларъярхой "ямарта нах а, питанчаш а" бу, Нохчийчуь бахкар доьхкур ду ша царна, "Мемориалан" меттигерчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан кхел дIайирзинчул тIаьхьа аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG