ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зудчунна тIелатар динчу шина стаге бехк кховдийна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

ГIалмакхойчуьрчу шина стаге бехк кховдийна 46 шо долу Нохчийчохь йина йолчу Дудаева Табарикна еттарна. Бехктакхаман гIуллакх долийна цу шинна дуьхьал Оьрсийчоьнан криминалан кодексан 213-чу артиклан "Б" пунктехула, хаам бина «Чечня Сегодня» агенталле Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан ГIалмакхойчохь векал волчу Исаев Романа.

Цуьнца а догIуш, уггаре чIогIа тIаIзар ду цу тайпа зулам дарна нуьцкъаша 5 шарахь болх байтар я оццу ханна набахте хьажор.

Суьдан медицинан эксперташа бинчу сацамца, цу зудчуьнан могушаллана бай эшам хилла.

Карарчу хенахь цунна йиттина ши стаг лаьцна ву. Царна кхел йийр йолуш ю, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Хьалхо бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дIахьедар динера, Дудаева шеко йолуш ю лоьрийн экспертизех аьлла. Цул сов, цу зудчо дийцарехь, меттигерчу Iедахочо телефон а тоьхна дарба лохуш йина харж шайна тIеоьцур яра шаьш аьлла цуьнга, нагахь цо хилларг, деста а ца деш, дитахь.

"Чечня Сегодня" агенталло бинчу хаамца, ГIалмакхойчуьрчу низамаш лардо органашкарчу хьастано харц дина таллам беш гIалаташ довлийтина хилар. Цо дийцарехь, бехкечарна буьззинчу барамехь таIзар дийр ду и зулам дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG