Iамеркин Пачхьалкхан Департаменто арахецна Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кхайкхорах лаьцна документ. УЬш болх бан йолалур ю кху беттан 27-чохь дуьйна. Санкцеш кхайкхина цхьана шаранна я керла цу хьокъехь хаам баллалц.
Цу документца а догIуш, Оьрсийчоьнца доьзначу дехкаршна юкъахь ду цу пачхьалкхана арахьа деш долу гIо сацор а, гуманитаран гIо а, кхачанана сурсаташ а, юьртабахаман сурсаташ а дохкар а доцург а, финансашца гIо дар сацор а, ткъа иштта Оьрсийчоьнна кердиташ далар сацор а.
Цул сов, доьхкуш ду Оьрсийчоьнна герз дохкар а, муьлхха а теман гIуллакхана оьшу сурсаташ дохкар а, гIуллакх дар а, проекташ кечйеш накъосталла дар а, цу хьашташна гIишлош яр а.
Космосан сферехь кхин хIумма хийцалур дац.
Санкцийн кера пакет юкъайоьккхуш ю шалха агент хиллачу Скрипал Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна Британехь дIаьше тIелатар дарна. Лондон тешна ю цунна бехке Оьрсийчоь хиларх.