ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодаран махкара алпинисташ белла ХIирийчохь


Дигораy чIож

Къилбаседа ХIирийчохь Дигоран чIожехь хилла бохам. Галдор (4238 м) ломан тIе бовла боьлхуш хIаллакъхилла Краснодаран махкара кхо алпинист. Гарехь, уьш тIулгаш охьаэгарна кIел нисбелла, хаам бина меттигерчу орцаллан министраллан зорбанан сервисо.

Карарчу хенахь республикера орцанхойн тоба новкъаяьлла беллачеран декъий схьалаха. Болчу хаамца, уьш кхелхинчу меттигехь сецна дац тIулгаш охьаэгар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG