ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаровс ФСБ латкъам бина "Новая газетана"


Умаров Джамбулат.
Умаров Джамбулат.

Нохчийчуьрчу къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата ницкъаллин структурашка латкъам бина "Новая газетана", адамаш экстремизмана тIехьехарна.

Оцу газето тIаьхьий-хьалхе арахецна материалаш интернетехула лелаш ю, боху министро, къаьмнашна а, динашна а юкъахь мостагIалла а, хьул а ца деш, пачхьалкхана дуьхьал ойла кхоллар а даржош.

И бахьана долуш Умаровс куьйгалла дечу министралло дехар дина Оьрсийчоьнан талламан комитете а, Инарлин прокуратуре а, Федералан кхерамазаллин сервисе а низамашца богIу мах хада бе цу зорбанан гIирсана юкъараллана а, пачхьалкхана а цуьнгара болуш кхерам хилар билгалдоккхуш аьлла.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхиазхоша полисхошна тIелатарш дина аьлла гулбинчу Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахошна хьалха къамел деш элира, бакъонашларъярхой "ямарта нах а, питанчаш а" бу, Нохчийчуь бахкар доьхкур ду ша царна, "Мемориалан" меттигерчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан кхел дIайирзинчул тIаьхьа аьлла.

И бахьана долуш "Новая газето" схьадиилина кхеат яздинера Москох мэре Собянин Сергейга, Нохчийчоьнан куьйгалхо цига витар дехка деза аьлла.

ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс комментари йира Кадыровс низамаш лардечу органашна новкъарло ечу бакъонашларъярхойх аьллачунна. И дешнаш цхьа дакъа хила мега, Кадыровс аьллачунна юкъара схьаэйна долу, бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG