ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алтай: Лаьцна хилла 55 кандидат ву "Единая Россиия" партин цIарах харжамашкахь дакъалоцуш


Алтайн Республикехь "Единая Россия" партин меттигерчу декъо муниципалитетан харжамашкахь дакъалаца хьалхатеттина лаьцна хилла набахташкахула чекхваьлла 55 стаг.

Церан биографеш теллина Una Cultura портало, харжаман комиссино арахецна хаамаш буха а бехкина.

Низамашца проблемаш хиллачу нахана юкъахь ву карарчу хенахь депутат волу, амма юха а цу даржехь виса дагахь волу кхо стаг. Цхьаболу кандидаташ масийттоза хан текхна бу.

Харжамашкахь дакъалоцу дукхах болу партин декъашхой чубоьхкина хилла бу "къола дарна", "хулиганалла лелор" а, "Iедалан ахча дайар" статьяшкахула. Кхечу цара динчу зуламашна юкъахь ду кеманаш а, хина кеманаш а, цIерпошта а ядор а, стаг вуьр ву аьлла, кхерамаш тийсар а, ша дийриг бух боцуш дуй а хууш, харц мотт тохар а.

Алтайхь харжамаш хир бу тIебогIучу беттан 9-чохь. Оцу дийнахь хоржур бу кIошташкара а, ярташкара а депутаташ а, муниципалитетийн куьйгалхой а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG