Ирландера орамаш долчу ММА латархочо Макгрегор Конора баркалла аьлла (бразилхойн олучу) джиу-джитсух латархочунна Нохчийчоьнан махкахочунна Магомадов Аюбана, шена Нурмагомедов Хьабибах лата кечлуш гIо дарна, яздо Кавказ.Реалиино.
"Ас баккъалла а лору вайнахах волу салти, тхойша вовшен лоруш ву. Хаийла шуна, кхера а велла стаг лара волавалар баккъалла а дац шуна. Иза хьалхара гIулч ю кIиллошна ямарт хила [...] Онда а, къиза а хила! Баркалла, Аюб", - яздина шен Instagram-хь ирландхочо.
Ши спортхо Нурмагомедов а, Макгрегор а, летар ву ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь Iамеркин Лас-Вегасехь.