RT America (Оьрсийчоь Тахана - Iамерка) телеканалана программаш кечйечу T&R Productions олучу Iамеркерчу компанино стохка Лахьан-беттан (Ноябрь) 1-чу дийнахь дуьйна кху шеран Стигалкъекъа-беттан (Май) 31 дийне кхаччалц дайина 21 миллион 200 эзар доллар. Цунах лаьцна хаам бина цу компанино Iамеркан юстицин министралле, яздо "Гордон" портало.
Кхечу пачхьалкхашкарчу агентех лаьцначу низамца а догIуш, T&R Productions декхарелахь ю хIора эха шарахь Iамеркин Iедалан структурашка ша бечу балхах лаьцна хаам бан.
Уггаре доккха дакъа дайина цу компанино белхахошна алапа луш. 7 баттахь цунна къастийна 7 миллион 600 эзар доллар.
Компанино даьккхина $17,96 млн. Царах $17,8 млн T&R Productions-на делла Оьрсийчоьнан АНО "ТВ-Новости" агенталло. $97,4 эзар доллар деана рекламо.
2017-чу шарахь Iамеркан юстицин министралло регистраци яйтира RT America телекомпане, кхечу пачхьалкхан агенте санна.
Цунна жоп луш Оьрсийчоьнан юстицин министралло юкъатуьйхира 7 зорбанан гIирс кхечу пачхьалкхийн агентийн реестрна. Царна юкъахь ю "Голос Америки" (Iамеркан аз), "Радио Свободная Европа / Радио Свобода (РСЕ/РС)" (Маьрша Европа/ Маршо Радио), "Настоящее время" (Карара хан) телеканал, РСЕ/РС радион гIезалойн-башкирин сервис (AzatliqRadiosi), "Сибирь.Реалии", "Idel.Реалии", "Фактограф", "Кавказ.Реалии", "Крым.Реалии".