ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагамедов: вайнах даим вайца бу


Дагестанера ММА-н латархо Нурмагомедов Хьабиб кIел ца таьIна ша карзахваккха гIерташ ирландхочо Макгрегор Конора яздинчунна. Нурмагомедовн да "вегош волу кIилло" ву аьлла, яздинера цо шен instagram агIонехь.

Цул тIаьхьа Макгерора яздира Нурмагомедовх лата кечлуш шена гIо деш джиу-джитсух латархо Нохчийчуьра Магомадов Аюб хиларх лаьцна.

Цу посташна жоп луш Инстаграмерчу шен агIонехь иштта яздина Нурмагомедовс: "Iуьйранна самаваьлча кхийтира cо: тхоьца воцург, иза тхоьца воцуш ву, вайнах даим вайца бу. Ткъа вуьшта, ловзарш, боху, дуьйладелла, оха ладоьгIуш берг тIом ма бай".

Нурмагомедов а, Макгрегор а летар ву ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь Iамеркан Лас-Вегасехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG