ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехктакхаман гIуллакх долийна Италин министрна дуьхьал


Итали -- Diciotti хIордан кемана тIехь латтош бу мухIажираш.

Италин Iедалша кIирандийнахь бакъо елла Сицилерчу Катания гIалан портехь лаьттачу Diciotti хIордан кемана тIера охьабисса Африкерчу пачхьалкхарчу мухIажирашна. Иза хилла, Католикийн Килс а, Албанин а, Ирландин а Iедалш а мухIажираш тIеэца реза хиллачул тIаьхьа.

Пхеъа дийнахь сов и нах латтийра кемана тIехь Италин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Салвини Маттеос. Сальвини ву "Лига" олучу мухIажирашна дуьхьал яьллачу популистийн партин векал. Цо чIагIдора, цкъа дуьххьара кхечу пачхьалкхаша дош дала деза и нах шаьш тIелоцур бу аьлла, бохуш.

Италино лелийначунна критика йина Евробартана юкъайогIучу кхечу пачхьалкхаша. Ткъа Салвинина духьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Министрна бехке дуьллуш ду бакъо йоцуш нах лаьцна латтор а, шен даржо луш йолчул а алсам бакъонаш шена тIеэцар а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG