ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIелатарехь лазийначу полисхошна тIехIоьттина Кадыров


Кху беттан 20-чохь динчу тIелатарехь лазийначу полисхошна тIехIотта дарбан цIийне ша вахарх хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "ВКонтактерчу" шен агIонехь. Лазартнен хьаькамо Альдебиров Рамзана дийцарехь, лазийначарна дарбанна мел оьшу гIирс латтош бу, карарчу заманчохь церан могушаллица кхин эшам бац.

Полисхошна Гелагаев Бисланна а, Саидов Iалвина а, Датуев Адамна а, Макаев Мохьмадна а баркаллин дешнаш аьлла Кадыровс, цара шаьш "доьналица, турпаллица" гайтарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG