ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш болхбан юьйлаелла


ГРУ-н хиллачу белхахочунна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а Британин Солсбери гIалахь дIавш даларан бахьанашца Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш тахана дуьйнна болхбан юьйлаелла. Билгалдаккхарца, санкцеша Оьрсийчоьнна арахьара гIо латтор сацош ду, цIеххьана гуманитаран гIо кхачор юкъарадаьккхича. Оьрсийчу дахьар дац даар-малар, юьртабахаман сурсаташ, иштта лур дац кредиташ а.

Цул совнах, санкцеша дIалакъор ду герз а, муьлхха а тIеман гIирс бохкар а. Делахь а, "къоман кхерамзаллан интересашкахь" космосан сферехь юкъаметтигаш латторехь дозанаш деттар дац.

Гергарчу масех беттанашкахь, нагахь Москоха шаьш химин, биологин герз лелор дац аьлла, юкъархилар ца дахь, кхин а цхьа пакет санкцеш дуьхьалйохур ю Iамерко Оьрсийчоьнна.

Доккхачу декъанна, санкцеш хьакхалур ю "Аэрофлот" компанин кеманаш Iамерке леларх а, шина пачхьалкхо лелочу йохка-эцарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG