ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудов: Кадыров Ислам цхьанхьа а балхахь вац


Кадыров Рамзан а, Кадыров Ислам а
Кадыров Рамзан а, Кадыров Ислам а

Нохчийчоьнан хилла премьер-министр Кадыров Ислам Iедалан урхаллера дIаваьккхина хилар тIечIагIдина мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Кадыров Исламца иккхина конфликт бахьана долуш, Нохчийчуьра вада везначу блогерца Абдурахманов Тумсоца шен хиллачу къамелехь Даудовс дIахьедина, "Ислам тахана цхьанхьа а балхахь вац, я Iедалан векал а вац иза" аьлла. "МогIарера вахархо ву иза", - аьлла парламентан куьйгалхочо.

Iедалхеь уггар а тIеIаткъаме волчех вара Кадыров Ислам, амма стохка бIаьста премьер-министран даржера вохийра иза.

Официалехь хаийтарехь, ницкъаллийн структурийн декъе дехьаваьккхинера иза, амма билггал хоуьйтуш дацара, муьлхачу дарже хIоттийна.

Зорбанашкахь дийцарехь, 2016-чу шарахь мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна кIело кечъяр талларан бахьанашца дара Кадыров Ислам балхара дIаваккхар.

"КавказРеалиин" хьосташа дийцарехь, иза Iедалера вохор хила тарлора, Нохчийчоьнан куьйгалхочух хьул а деш, цо ахчанашца хьарамлонаш лелор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG