ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рохинджашна тIехь къизаллаш лелорна Мьянман Iедалшна бехкбиллина ООН-о


Бусулба рохинджаш байарна Мьянман Iедалш емалдина оцу пачхьалкхехь талламаш бинчу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино, шаьш зорбане яьккхинчу рапортехь, яздо Reuters агенталло. Пачхьалкхан хьехамча Су Джи Аун Сан коьртехь а волуш, Мьянмас пропаганда яйтина рохинджашна дуьхьал цабезам гIаттош. Адамийн бакъонаш хьоьшуш, тIеман зуламаш даран тоьшаллаш къайла а дохуш аьлла ООН-ехь.

Ракхайн кIошт тIемалойх мукъайоккхуш, эзарнаш бахархой, шайна тIехь ницкъ барна, Бангладеше а хьахош, пачхьалкхан кхерамзалла Iалашъечохь нахана бан тору ницкъ совбаьккхира Iедало, дIахьедина Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино.

Дуьненаюкъара низамаш дохорна жоьпалла тIехь долчарна дуьхьал санкцеш яхар доьху ООН-е рапортан авторша. Доккхачу декъанна хьоьху церан активаш сацор, дехкар пачхьалкхашкахула кхерстар.

Рохинджашна дуьхьал операци дIаяьхьначу Мьянман пхеа инарлана дуьхьал санкцеш яха Iалашо ю ООН-ан. Стохка аьхка ООН-ан хиллачу Инарла секретаро Аннан Кофис зорбане яьккхира, Ракхайн штатерчу хьолах артикл. Мьянман Iедалхошна лерина 88 хьехам бара цу документ тIехь. Къаьсттина доьхура бахархошлахь реформаш дIаяхьар, шайн лаамехь мухIажиршна юхабахка хьелаш кхоллар, нийсонца кхелаш яр, адамийн бакъонаш Iалашъяр а.

Рапорт зорбане яьккхина ши де даьллачу заманчохь, "Рохинджаш кIелхьарабоху Араканан эскар" (ARSA) радикалан тобанан декъашхой тIелетира Мьянман эскаршна а, полисхойн дакъошна а. Цунна бекхам беш йолийра Ракхайнехь операци. Оцу гурахь 615 эзар гергга рохинджаш регионера арабевлира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG