ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" тобанехь ловзур ву Нижич а, Харин а


Хорватин футболисто Нижич Зорана а, Эстонин ловзархочо Харин Евгенийс а куьйгаш яздина Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" тобанехь ловза. "Ахмат" клубан президенто Даудов Мохьмада бина и хаам.

"Оьрсийн паспорт долчу Харина тIедогIучу деа шерачохь вайн тобанца ловзур волуш контрактна куьйгъяздина. Эстонехь тIаьххьарчу шина сезонехь 69 матчехь 37-зза кевнаш чу буьрка тоьхна 23 шо долчу футболисто. Нохчийчу схьа а веана, тахана дуьйнна тобанца Iамораш дIадолийна Харина. Ткъа гергарчу хенахь схьакхетар ву "Ахматах" Хорватера Нижич Зоран а. Лоьрех чекх а ваьлла, кхаа шарна контракт дина цо "Ахмат" клубаца", - хаамбина Даудовс.

Дахначу шарахь "Хайдук" клубера Нижич уггар а тоьллачех лерина ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG