Полисхошна тIелатарш динчул тIаьхьа урамашкара кегийрхой дIа а лехьош, цаьрга хеттарш дина ницкъахоша аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле Шела кIоштарчу бахархоша. Цара бахарехь, верриг а 150 - 200 стаг вара полисхоша дIалаьцнарг.
Маршо Радионо хааме даьккхира, дахначу оршотдийнахь Шела кIоштахь а, Соьлжа-ГIалахь а полисхошна динчу тIелатарх. Iедалан хаамашца, тIелеттачу пхеннах виъ вийра, пхоьалгIаниг чевнаш йина дарбан цIийне кхачийначул тIаьхьа велира.
ШолгIачу дийнахь "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба къобалъечу гIирсаша видео яржийра, полисхошна тIелеттачу кхиазхоша даIишхошна чIагIо еш гойту.
Коьрта тIелатархо лерина Мусаев Мохьмад уггар воккханиг вара царлахь, бисинчеран 11 шарера 17 шаре кхаччалц шераш дара аьлла, дийцина полисхойн декъехь.
"23-чу а, 25-чу а деношкахь урамашкахула рейдаш а еш, дIалецара тIелатархой бевзаш, цаьрца доттагIаллехь, я лулахь бехарш. Полисхойн декъе а буьгуш, хеттарш дина, буьйса юккъе яхначул а тIаьхьа цIа бахкийтинера уьш", - дийцина Шеларчу Ахьмад цIе йолчу вахархочо агенталле.
Юристаша емалдо цу кепара кхиазхой дIабигар а, цаьрга хеттарш дар а. Низамашка диллича бакъо яц боху цара, уллохь да, я нана а доцуш кхиазхочуьнга бартхаттар.
Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, Талламан комитетан а сайташ тIехь информаци яц, Шела кIоштахь кхиазхой лецарх а, полисхошна дина тIелатар талларх а.