ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Волгоградехь флешмоб дIаяьхьна Яндиев маьршаваккхар доьхуш


Яндиев Аслан

Словакино Оьрсийчоьне дIавеллачу Яндиев Асланна гIо лоцуш флешмоб дIаяьхьна Волгоградехь оршотдийнахь. Акци вовшахтоьхначу Кругляков Владимира дийцина цунах "Кавказ.Реалии" портале.

"Iалашо цхьаъ ю – Яндиев Аслан маьршаваккхар. ХIора кIиранах йо оха акцеш: маьршачу нехан буьйлабелла лелар. Жигархой схьакхетта тхох", - аьлла Кругляковс.

Цо бахарехь, хьалхо цуьнан инициативаца иштта акцеш дIаяьхьира мацаллин протест кхайкхийначу Гвашев Русланан а, нохчийн бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан а гIо лоцуш.

Бутт хьалха Словакин Iедалша шайн дозан тIехь ворхI шо даьккхинчу 39 шо долчу гIалгIан Яндиев Асланан Оьрсийчу экстрадици йира. Къилба ХIирийчоьнан талламан комитето талоралла а, бакъо йоцуш герз лелорна а, теракташ кечдарана аьлла, бехкевира иза.

Яндиевн гергарчара а, бакъонашларъярхоша а даредарехь, бехк боцуш латтош ву иза чохь. Дийцарехь, тIехь ницкъ а бина, цуунна дуьхьал харц тоьшаллаш дайтина хилла хьалхо таIзаре балийначу Яндиевн накъосташка.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG