Керла доьзал кхуллу йоIIий, кIанттий ВИЧ лазар дуй толлуш, тестах чекхадаккха деза аьлла ГIиргIазойчохь.
Парламентан депутато Самигуллина Альфияс йийцаре яйта юкъаяьккхина там-мах бале хьалха иммунодефицитан (СПИД) цамгар яц аьлла, лоьрашкара тоьшалла доккхуш низаман проект. КарабогIучу баттахь депутатийн гонашкахь дийцаре дилла дагахь бу цунах.
ГIиргIазойчоьнан могушаллин министраллан зерашца, махкахь 7, 5 эзар стаг ву ВИЧ-ун даьлла.
Цул совнах, 22 шерачохь дуьххьара тутмакхашлахь бинчу талламашца, набахтешкахь 323 стаг ву ВИЧ-инфекцин лазар токхуш.
2011-чу шарахь дуьйнна Нохчийчохь юкъадаьккхина ду, маре йоьдучуо а, зуда ялочо а тоьшаллаш луш кIоштарчу имаме, шаьш могуш хилар тIечIагIдеш.