Кхиазхойн радикализмна профилактика ярхьама Оьрсийчоьнан школашкахь классийн куьйгалле божарий хIитто беза аьлла, шен Фейсбукерчу агIонехь язйина Жириновский Владимира.
"Божарий нуьцкъала бу, кхиазхошна авторитетете а хета уьш", - яздо политико. Цунна хетарехь, зударий тоьлла хьехархой а, дика наной а бу, цундела доглазар алсам ду цаьрца.
Карарчу беттан 20-чохь Нохчийчохь кхиазхоша полисхошна тIелатар дичхьана политикийн гонашлахь йийцаре яьккхина террорхойн тобанашка кхиазхой дIаийзоран тема.
Маршо Радионо яздира, дахначу оршотдийнахь Нохчийчохь масех тIелатар дарх. Дийцарехь, 11 шарера 17 шаре бевлла кхиазхой хилла полисхошна тIелеттарш.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!