ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадна Iаткъамбар доьху Путине Iамеркан президенто а, немцойн канцлеро а


Идлиб регионехь гуманитаран кризис хIоттарна а, оцу провинцерчу исламхойн а, жихIадхойн а позицешна пачхьалкхан эскарша тIелатар дарна а сингаттаме ю Германи а, Iамерка а. Телефонехула хиллачу къамелехь Шемарчу ситуацех дийцарш дIадаьхьна Германин канцлеро Меркел Ангелас а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда а. Оршотдийнахь Германин Iедалан векало Зайберт Штеффена бина и хаам.

Оьрсийчоьне кхайкхамбина Меркела а, Трампа а, Шемарчу ражна байн тIеIаткъам бар а, конфликт кхи дIа гIоьртина ца хилийтар а доьхуш. Иштта хьахоза ца йисина Малхбалерчу Украинера ситуаци а.

Идлиб шен куьйгакIел ерзош, Шеман президенто Асад Башара химин герз леладахь, шаьш цуьнан ницкъашна тIе тохарш дийриг хиларх а, "луьра тIеман операци" йолор хиларх а дIакхайкхийнера хьалхо Iамерко.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG