ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нальчикехь карийна гIалгIайн яйна йоI


ГIебарта-Балкхаройчуьрчу полисхошна карийна ГIалгIайчохь лоьхуш хилла йоI. Кху беттан 15-чу дийнахь дуьйнна лехамашка еллера иза, цуьнан гергарчара хаамбарца. Цара дийцарехь, 23 шо долу Омарова Калимат цIера араяьлла дIаяханера, йоьду меттиг а ца буьйцуш. ХIетахь дуьйнна цхьана а кепара информаци яцара цуьнгара. ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бо и хаам.

Нальчикехь ехаш карийна йоI. Хьалхо "Пятигорск" информацин портало хааме даьккхира, Нохчийчоьно а лоьхуш хиларх Омарова Калимат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG