ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Яндексна" кхерам тесна Роскомнадзоро


Еарин сарахь пиратийн сайташка вуьгу ссылкаш дIа ца яхахь Роскомнадзоро дIакъовлур йолуш ю Яндекс. "Интерфаксе" бина и хаам урхаллан куьйгалхочун гIовсо Субботин Вадима. Москох гIалин кхелан сацамна тIе а тевжина, бина цо и хаам.

"Яндекс. Видео" сервисехула пиратийн контентна тIекхочийла дехка деза аьлла, кехат дахьийтинера де хьалха Роскомнадзоро "Яндексе". Дахначу пIераскандийнахь Москохан кхело сацам тIеийцира, "Яндексо" шен тептарера пиратийн "Мистикан истореш" шоун, "Домашний арест", "Вне игры", "Осторожно, земляне" филмийн копеш дIаяха еза аьлла. "Газпром-медиа" холдинган долара ю уьш.

Дахначу кIиранчохь оьрсийн "Газпром медиа" а, "Къоман медиа группа" (НМГ) а цIе йолчу медиахолдингаша бехкбиллира "Яндекс" компанина, цо интернет-пираташна гIоьналла латтадо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG