ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минех латтанаш дIа а цIандина, план кхочушйина Нохчийчохь


Лоьлхучу хIуманех латтанаш дIацIандан кху шарахь тIелаьцна план кхочушйина Нохчийчохь сапераша. 1280 гектар дозанера ерриг а 4200 кхераме оьккхуьйтург ю сапераша яьккхинарг.

ГIалгIайчохь хIинца а белхаш дIахьош бу. 150 гектар майда минех цIанйина сапераша. Охан-бутт карабеачхьана оцу шина а республикехь латтанаш цIандан долийнера минех.

400 сов эскархо а, минаш лоьхучу хьукматара говзанчаш а, лерина Iамийна жIаьлеш а тIеоьзнера латтанаш минех паргIатдахархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG