ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сенцовна Нобелан совгIат догIу аьлла Полшин хиллачу президенто


Валенса Лех
Валенса Лех

100 сов деношкахь оьрсийн набахтехь мацалла хьоьгу Украинан режиссер Нобелан совгIат дан хьалхатеттина Полшин хиллачу президенто Валенса Леха. Полшин киноакадемис зорбане диллина Валенсан дIахьедар.

Пачхьалкхехь хийцамаш хилийтархьама къийсам латточу "Солидаралла" цIе йолчу профсоюзан коьртехь вара Валенса цхьана хенахь, тIаьхьо Полшехь демократин хийцамаш хиллачул тIаьхьа президент хаьржира иза. Нобелан совгIатан лауреат а ву иза.

Amnesty International-о а, кхечу бакъонашларъяран организацеша а Оьрсийчоьно Сенцовна йина кхел харц ю боху, яздо Валенсас шен кехат тIехь. Къонахалла, доьналла долуш стаг ву аьлла цо Сенцов, хIунда аьлча, мацаллица ша маьрша ваккха ца боху цо, Украинан Оьрсийчуьрчу набахтешкахь латтош болу политикан тутмакхаш дIахецар тIедожийна цо.

Норвегин Нобелан комитето Ослохь шо чекхдолучу хенахь дIасадоькъуш ду дуьненан Нобелан совгIаташ.

Набахтехь, я махках баьхначу нахана а делла Нобелан премеш масийттаза. 1983-чу шарехь Валенсана а кхечира Нобелан совгIат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG