ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхоша Путине яздина кехат "гIучIа" бу аьлла Нохчийчохь


Умаров Джамбулат а, Кадыров Рамзан
Умаров Джамбулат а, Кадыров Рамзан

Бакъонашларъярхоша Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дахьийтина кехат "гIучIа" бу, шайна терго яйтархьама язбина аьлла РБК агенталле зорбан минитсро Умаров Джамбулата.

"И доцург а ду, шайна терго яйта лелош хIуманаш ду. Рамзан Ахматовича бакъонашларъярхошна кхерамаш тийсина бац. Юьхьанца бакъонашларъярхой дош къовларш юккъехь яздора, къепе боцу журналисташ а, бакъонашларъярхой ду шаьш бохуш, Нохчийчоь сийсазъян оьхурш а бу буьйцурш", - аьлла Умаровс.

Министро бахарехь, бакъонашларъярхоша "хIинццалц а бина болх, кхи дIа а бийр а бу".

Шинаридийнахь дуьненаюкъарчу Amnesty International, Human Rights Watch (HRW), Front Line Defenders организацеша диллина кехат яздира Путин Владимире, Кадыров Рамзанан дIахьедарш бахьанехь. Терроризмца шаьш къийсам латтош ду а бохуш, полисхоша адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар билгалдаьккхинера кехат тIехь.

"Iедална критика ечарна дуьхьал а низамашца йоцу методаш лелайо ницкъахоша", - дIахьедора бакъонашларъярхоша.

Цул совнах, официалан тIегIанехь бакъонашларъярхошца шайн долу мостагIалла а Iедалехь болчара къайлахьош цахилар хаийтинера йозан тIехь. Кехатан авторша кхайкхамбора Путине, хIоьттинчу хьолана тIе тидам а бахийтий, дуьхьало яхьара Кадыровна, бакъонашларъярхой а, шеконашца лоьцучу нехан гергарнаш а маьрша бита алий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG