ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ша лайначу халонех дийцина Салахьа


Мисарарчу футболан тобан ловзархочо Салахь Мухьаммада даредина, дуьненан футболан чемпионат йоьдучу заманчохь Нохчийчохь шаьш лайначу халонех. Мисаран футболан Федерацина къаьсттина реза вац Салахь, шен а, футболхойн а кхерамзалла лаккхарчу тIегIанехь Iалаш ца ярна.

"Со ларвина а ца Iаш, йоллу команда Iалашъе аьлла дехнера ас. ХIунда аьлча, дукха новкъарлонаш йора тхуна чемпионат йоьдучу хенахь. Масала, шозза ресторанчу хIума кхалла ваха аьтто ца белира сан, цигахь гулделла дукха адам хиларна", - даладо Салахьан дешнаш Британин The Guardian хьостано.

Нохчийчохь куп тоьхна Мисаран футболан тоба ловзуш яра Оьрсийчуьрчу а, СаIуда Iарбийчуьрчу а, Уругвайра а футболхошца. Массо а матчашкахь эшийра Мисарара тоба.

Кадыров Рамзана лараме Нохчийчоьнан вахархо аьлла, сийдарца цIе елира Салахь Мухьаммадна. Мехкан куьйгалхочо дIахьедарехь, "шена динчу хьошаллина а, хIиттийначу хьелашна а догреза хилла дIавахара Салахь".

Мисарарчу цхьа могIа хаамийн гIирсаша емалвира Кадыров, шайн футболан тоба бахьанехь шена пиар йина цо аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG