ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан туризман центр йиллина Лейпцигехь


Немцойн Лейпциг гIалахь дуьххьара туристашна лерина Visit Chechnya информацин центр схьайиллина кху деношкахь. Гергарчу хенахь Францехь а, Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь а елла Iалашо ю цу кепара центраш, яздо ТАСС агенталло, Нохчийчуьрчу туризман министраллан куьйгалхочунна Байтазиев Муслимна тIе а тевжаш.

Цо бахарехь, оцу центрехь Нохчийчоьнах, Соьлжа-ГIалех, историн сийлаллин меттигех, културан барамех лаьцна муьлхха а информаци хаа таро ю.

"Тхан лаам бу, республикера туризм массарна а евзаш хилийта, мохк цхьа бренд а хилла, дIахIотта. ТIейогIучу хенахь Парижехь а, Эмираташкахь а схьаелла дагахь ду тхо ишта центраш", - аьлла министро.

Стигалкъекъа-баттахь Петарбухахь а йиллира Visit Chechnya центр.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG