ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нобелан комитете кехат яздина Кадыровс


Нобелан комитете ша дахьийтина кехат социалан машанерчу шен агIонехь зорбане даьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Мьянман урхалло рохинджашна тIехь геноцид ярх ООН-ан мониторинган миссино арахецна рапорт тидаме эцна Кадыровс. Оцу республикехь къизаллаш совцаяйтархьама бехкечарна дуьхьал санкцеш яхаре кхойкху ООН-о.

Нохчийчоьнан куьйгалхо реза вац Нобелан совгIат дала хьалхатеттиначеран тептарехь Мьянман пачхьалкхан хьехамча Су Чжи Аун Сан хиларна. "Адамийн бакъонашкахьа а, демократигахьа а нуьцкъала а боцуш къийсам латторна" аьлла, билгалдоккхуш преми дала магийна цунна.

"Геноцидна дуьхьало муххале а ца йинера цо, Iедалан урхаллехь а йолуш, мелхо а рохинджашкахьа цабезам гIаттош, пропаганда лелийна", - аьлла, яздо Кадыровс.

Нобелан комитете хоьтту Кадыровс: бусулба рохинджаш хIаллакбеш хилар ООН-о тIечIагIдина ца Iаш, геноцид ду аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа, хIун ду шун ала?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG